Хошкалда-Берза боьра - Главная страница

Среда, 2012-05-16, 4:30 PM

Приветствую Вас Гость | RSS

 

Муслима дийцина , Абул-1áса к1ант 1усман веара пайхамар волчу [Делера къинхетам , маршо хуьлда цунна] , цо элира : « Х1ай Аллах1ан элча ! Баккъалла а шайт1а доьлла-кх сунá а , сан ламазнá  а , сан [къуръан] дéшарнá а юкъа , суна и кегаре деш [со цуьнгахь шеквоккхуш] » , т1аккха Аллах1ан элчано  [Делера къинхетам , маршо хуьлда цунна] элира : « Иза шех Хинзиб олу шайт1а ду . Хьайна и хааделча Аллах1аца ларло цуьнах А1узу биллах1и минашшайт1ониррожийм» - áларца] , хьан аьрру áг1ора кхузза туй тa ! » . Ас и дира , т1аккха Аллах1а д1атилийра соьх и .

 

Дела элчан весеташ

 

Хьалхара весет : "Ла илах1а иллаллах1"- аларан дазалла

 

-Абý Х1урайратах /Дéла рéза хуьлда цунна/ , цо элира : « Ас элира : « Х1ай Дéлан элча ! Мила ву къéмат дийнахь нáхех хьан шафá1атца шá вунό воккхавéвийра верг ? » . Дéлан элчанό /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира : « /Дéлόра/ Бакъ долуш , со тешна /ма/ вара , х1ай Абу Х1урайра , х1окху хьадийсах /лаьцна/ хьоьл хьалха цхьаммό а сайга хоттург ца хиларх , сайна хьадийса т1ехь хьан /йолу/ сутаралла гарна : Нáхех сан шафá1атца шá вунό воккхавéвийра верг /дéра ву/ , шá аьлларг : « Лá илáх1а иллаллáх1 » - ц1енна шен дагчуьра , йа шен дéг1éра »

И дáлийна Альбухарийс  .   
 

-Ассáмит к1ентах 1убáдатах /Дéла реза хуьлда цунна/ , пайхамарегара /Дéлера къинхетам , маршо хуьлда цунна/ , цо элира : « Шá тоьшалла динарг /милла велахь/ : Аллах1 вόцург кхин дéла вац , шá цхьаъ ву Иза , дéкъахо вац Цуьнан , баккъалла а Мухьаммад Цуьнан лай а , Цуьнан элчá а ву , баккъаллá а 1ийсá /пайхамар/  Аллах1ан лай а , Цуьнан элчá а , Цό шá Маремега тесна /долу/ Цуьнан дош а , Цуьнгара сá а ду , ялсамани бакъ ю , жоьжахати бакъ ю /аьлла/ . Аллах1а иза ялсамани чу вохуьйтур ву ,  иза шена т1ехь /цо еш/ хиллачу 1амална т1ехь /делла дарж долуш/ .

И далийна шина Шайхасá а , Аттирмизийс а .

Джунáдас т1едáлийна : « ялсаманин борх1 наь1арех шена лиъначухула »

И далийна Альбухарийс а , лафз /áларан куц/ цуьнан ду , Муслимас а .

Муслиман кхéчуьнгахь : «Ша тоьшалла динарг /милла велахь/ : Аллах1 воцург кхин Дела вац , баккъаллла а Мухьаммад Делан элча ву /аьлла/ Дáла цунна хьáрам йина жоьжахати »

 

Шолг1а весет :"Дела цхьаъ варехь"

 

1аббáсан к1ентах /Дéла рéза хуьлда цунна/ , цό аьлла : « Цхьана дийнахь со вара пайхамарна /Дéлéра къинхетам , маршό хуьлда цунна/ т1éхьá /хиъна/ , цό /соьга/ элира : « Х1ай к1ант ! Баккъалла а ас хьýна 1áмор ду цхьа дешнаш : Аллах1 ларвéлахь , Цό хьо ларвийра ву /хьýна/ , Аллах1 ларвéлахь , /т1аккха/ хьýна карор ву Иза хьайна хьалхá , айхьа /до1ангахь/ дехча – Аллах1é дéхалахь , айхьа г1одехча – Аллах1é г1одéхалахь , хьýна хаийла баккъаллá а /х1ара/ уммат хьýна цхьана х1уманца /цхьа/ пайда барна гулделча , цáра хьуна /цхьá/ пайда бийра ма бáцара , бакъ долуш шá Аллах1а хьýна яздина хиллачуьнца бен , /иштта/ уьш гулбелча хьуна цхьана х1уманца /цхьа/ зен дарна , цáра хьуна зен дийра ма дáцара , бакъ долуш шá Аллах1а хьýна яздина хиллачуьнца бен , къόламаш д1аъайдина , тептарш дакъаделла » .

 

И дáлийна Аттирмизийс . Цό элира хьадийс хьасанун /дика/ сохьийхь /нийса/ ду .

Аттирмизий вόцуш кхечό дийцарехь : «Аллах1 ларвéлахь , /т1аккха/ хьýна карор ву Иза хьайна хьалхá , Аллах1 вовзалахь парг1атонгахь , /т1аккха/ Цунна хьо вевзара ву /хьуна/ халонгахь , хьýна хаийла баккъалла а шá хьо галваьккхинарг ца хилла хьýна т1е /дика , вόн/ даийтарна , /йа/ шá /диканах , вόнах/ хьýна т1е деанарг ца хилла хьо галваккхарна , хьýна хаийла баккъаллá а тόлам сόбарца /хуьлуш/ буй , баккъаллá а парг1атό сингаттамца /хуьлуш/ юй , баккъалла а халонца /йόг1уш/ парг1ато юй !    

      

 Кхоалг1а весет : "1илма 1амадаран дазалла"

 

Альмухáрикъ к1ентах Къубайсатах /Дéла рéза хуьлда цунна/ , цό аьлла : « Со веара Дéлан элча /Дéлéра къинхетам , маршό хуьлда цунна/ волчу , т1аккха цо /соьга/ элира : « Х1ай Къубайса ! Хьо сте вáлийна ? » . Ас элира : « Шераш д1адахна сан , д1аь1ахк юткъа елла сан , цундела хьо волчу хьоьга сайна Лекхачу Дáла шéца пайда бийра берг 1áмадайта веана со » , /т1аккха/ цό элира : «Х1ай Къубайса ! Хьо т1улганá а , диттанá а , юьртанá а уллéхула ма ца ваьлла , цό хьайна /Дéлéра/ гечдар дехнá бен . Х1ай Къубайса ! Айхьа 1уьйра ламаз дича , ахь áла кхузза : Субхьáналлáх1ил-1аз1ийм ва бихьамдих1и , /т1аккха/ хьо тόлур ву б1аьрзаллех , прокáзех , энаша лáцарех /парáличех/ . Х1ай Къубайса ! Ахь áла : « Х1ай везан Дéла ! Баккъалла а ас Хьоьга доьху Хьýна гергахь долчух , йалхаéхьа суна т1е хьан комаьршалла , бáржабéхьа сýна т1е Хьан къинхéтам , диссадéхьа суна т1е Хьан беркаташ ! » .

И дийцина Имам Ахьмада .

/х1окху сийлахьчу весéтό т1енисво 1илма 1áмадаран сийлаллийна/

 

Абý Дардáъан /Дéла рéза хуьлда цунна/ хьадийсехь деана , цό аьлла : « Сýна хезна элчанό /Дéлéра къинхéтам , маршо хуьлда цунна/ όлуш : « Шéна чохь 1илма лохучу новкъа шá ваьлларг /милла велахь/ , Аллах1а цунна áтта бина ялсамани боьду некъ , баккъалла а малийкаша шайн т1éмаш ма доьхку 1илма лоьхучунна , цо дечунна реза хилла , баккъалла а 1éламстагна гечдар ма доьху стигланашкахь мел долчό а , лаьттахь мел долчό а , хичуьра ч1éрашá а т1ехь , 1éламстеган /шá/ 1ибáдат дечу стаганна т1ехь долу дазалла , беттан кхидолчу сéдарчашна т1ехь долу дазалла санна ду , баккъалла а 1éламнáх пайхамарийн вéрасаш бу , баккъалла а пайхамараша ца дитана /дешин/ дийнáр а , /детин/ дирх1ам а , баккъалла а цáра дитана 1илма , и схьаэцначо доккха дáкъа схьаэцна .        

И дийцина Абý Дáвудас , Аттирмизийс , Ибну Мáжас , шен сахьийхь чохь Ибну Хьиббáнас , Альбайх1акъийс .   

 

Сафвáн ибн 1ассáл Альмурáдийх /Дéла рéза хуьлда цунна/ , цό аьлла : « Со веара Дéлан элча /Дéлéра къинхетам , маршό хуьлда цунна/ волчу , маьждигехь вара иза , шен ц1éчу όбанна т1е тевжиина 1аьш , /т1аккха/ ас цуьнга элира : « Х1ай Дéлан элча ! Баккъалла а со хьо волчу веана 1илма /1áмадар/ лоьхуш » , /т1аккха/ цό /соьга/ элира : « Марша вог1ийла 1илма лоьхург , баккъалла а 1илма лоьхучунна го буьллу малийкаша шайн т1éмашца , цул т1аьхьа вовшашна кошкара ховшу уьш дуьненан стигала хьала кхаччалц , цό лоьхург шайн дéзарна » .

И дийцина Ахьмадас , Атт1абарáнийс а дикачу иснáдаца /зца/ , лафз шен долуш , Ибну Хьиббáнас шен сахьийхь чохь , Альхьáкимас , цо элира иснáд сахьийхь ду .                                

 

Диолг1а весет : "Бáланехь /г1айг1анехь/ волчунна орцах вáлар"

 

Ибн 1умарах /Дéла рéза хуьлда цунна/ , баккъаллá а Дéлан элчанό /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира /аьлла/ : « Бусалба стаг бусалба стеган ваша ву , цо цунна зулам ца до , /бáланехь/ д1атесна ца вуьту цό иза . Шá шен вешин хьаштόнехь /г1о деш/ верг /милла велахь/ , Аллах1 цуьнан хьаштόнехь /г1о деш/ хир ву , шá бусалбанах /цхьа/ г1айг1а д1аэцнарг /милла велахь/ , Дáла и бахьана долуш цуьнах д1аоьцур ю къéмат дийнан г1айг1анашха /йолу/ цхьа г1айг1а , шá бусалба стаг ра ца ваьккхинарг /нáхала ца ваьккхинарг , хьулвинарг милла велахь/ , Аллах1а иза ра /нáхала/ воккхур вац /хьулвийр ву/ къéмат дийнахь »

Шéгахь барт хилла хьадийс /Муттафакъ 1алайх1и/

 

Абу Х1урайратах / Дéла рéза хуьлда цунна/ , пайхамарах /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира /аьлла/ : « Шá муъмастагах дуьнéнан г1айг1анашха /йолу/ цхьа г1айг1а д1аъайбинарг /милла велахь/ , Аллах1а цуьнах д1аойбур ю къéмат дийнан г1айг1анашха /йолу/ цхьа г1айг1а , халаволлучунна /пéкъарна/ парг1ато йинарг /милла велахь/ , Аллах1а цунна парг1ато йийра ю дуьнéнахь а , эхартахь а , шá бусалба стаг ра ца ваьккхинарг /нáхала ца ваьккхинарг , хьулвинарг милла велахь/ , Аллах1а иза ра /нáхала/ воккхур вац /хьулвийр ву/ дуьнéнахь а , эхартахь а , Шéна чохь 1илма лохучу новкъа шá ваьлларг /милла велахь/ , Аллах1а цунна áтта бийра бу ялсамани боьду некъ , цхьá а къам гуллур дац лекхаволчу Дéлан х1усамашха /йолу/ цхьана х1усамехь -  шаьш Дéлан жайна /Къуръан/ доьшуш а , шайна юккъехь и 1áмадеш а - шайна т1е синтем боьссинá а , къинхéтамό шаьш хьулбинá а , малийкаш шайна гό бинá а , Аллах1а Шéна гергарчарна уллехь шаьш хьахийнá а бен . Шен 1амал ледара хилларг , шен схьаваларό /тайпа-тукхамо къинойх/ хьалха ца ваьккхина » .   

И дийцина Муслима

Пхиолг1а весет : « Дáлла сужуд даран дазалла »

 

Ми1дáн ибн Аби Т1алхьатах /Дéла рéза хуьлда цунна/ , цό элира , со дуьхьал кхийтара Дéлан элчанан /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ лайна , т1аккха ас элира : « Дийцахь суна , Ас шá йича со Дáла шéца ялсамани вохуьйтур волчу 1амалах лаьцна » , йа цо элира , ас элира : « Дáлла уггар дукхаезачу 1амалах лаьцна » , т1аккха иза вист ца хилира , юхá а хаьттира ас , т1аккхá а вист ца хилира иза , т1аккха ас цуьнга кхоазлаг1а хаьттира , т1аккха цо элира : « Ас цуьнах лаьцна пайхамаре /Дéлéра къинхéтам , маршо хуьлда цунна/ хаьттинéра , т1аккха цо/соьга/ элира : « Сужуд дукха дéлахь , баккъалла а ахь Дáлла сужуд дийра ма дац , Дáла и бахьана долуш хьо даржехь лакхаваьккхинá а , хьýна т1éра къа д1адаьккхинá а бен »

И дáлийна Муслима , Аттирмизийс , Аннасáийс , ибн Мáжас .

 

1убáдат ибн Ассόмитах /Дéла рéза хуьлда цунна/ , баккъаллá а цунна хезза пайхамара /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ όлуш/ : « Цхьана лайнό Дáлла цхьа сужуд дийра ма дац , Дáла шéна и бахьана долуш дика яздинá а , шéна т1éра вон д1адайинá а , шá даржехь лакхаваьккхинá а бен . Цундéла сужуд дукха дéлаш ! »    

И дáлийна ибн Мáжас нийсачу иснáдаца

 

Хьузайфатах /Дéла рéза хуьлда цунна/ , цό элира : « Дéлан элчанό /Дéлéра къинхéтам , маршό хуьлда цунна/ элира /аьлла/ : « Цхьá хьал ма дац , лай шéна т1ехь хуьлуш /волу/ , Дáлла сов дукха дéзаш , Цунна шá сужудé вахана гарал а , /Дáлла хьесталуш/ шен юхь лаьттах д1алатош »

 

И дáлийна Атт1абарáнийс « Альавсат1 » жайни чохь .